老是掉头发是什么原因
Акаев Даша Ибрагимович | |
---|---|
![]() | |
Вина терахь | 1910 шеран 5 апрель |
Вина меттиг | Шалажа, Хьалха-Мартанан к?ошт |
Кхелхина терахь | 1944 шеран 26 февраль (33 шо) |
Кхелхина меттиг | Раквере, Эстони |
Пачхьалкх |
![]() |
Эскаран тайпа | авиаци |
Дарж | Майор |
Б?ахойн дакъа | Балтийски флотан 9 штурмовой дивизи |
Куьйгалхо | 35 штурмовой авиаполк |
Т?емаш | Сийлахь-Боккха Даймехкан т?ом |
Совг?аташ |
Ака?ев, Даша? Ибраги?мович (1910 шеран 5 апрель, Шалажа, Хьалха-Мартанан к?ошт — 1944 шеран 26 февраль, Раквере, Эстони) — хьалхара нохчийн лётчик, Сийлахь-Боккха Даймехкан т?еман декъашхо, майор, Балтийски флотан 9 штурмовой дивизин 35 штурмовой авиаполкан командир.
Биографи
[б?аьра нисйан | нисйан]Иза винера 1910 шеран 5 апрелехь Шалажахь (Хьалха-Мартанан к?ошт). Цуьнан да вара Акха дивизин ветеран Ибрагим Акаев. 1920-г?а шераш долалучу хенахь цера доьзалла кхелхира Закан-Юрте (Хьалха-Мартанан к?ошт). Дашаc чекхйаьккхира Ермоловски школа-интернат, Ростовн ФЗУ а.
Цо ?Ростсельмаш? заводехь слесарь болх бира. Шен мукъа хан хилча иза аэроклубе оьхура. 1931 шеран январехь Даша деша вахара Бийскехь йолу Хьалхара вовшахтоьхна граждански авиацин пилотин школе. 1933 шарахь Акаевс и школа чекхйаьккхин Кавказал дехьара юртбахаман авиацин пилот хилира.
Сийлахь-Боккха Даймехкан т?ом болабелча хенахь иза вара Амуран Ц?ен Байракхан флотилехь лакхара лейтенант. Цо масийттуза рапорт йаздира ша фронте вахийта аьлла. Т?аьххьаре куьйгалхос иза т?амт?е вахийтира.
1942 шеран январь чекхболуш хенахь Акаев кхечира Ц?ен Байракхан Балтикан флоте. Цо леладора МБР-2 ц?е йолу кеманаш. 1942 шеран 15 августехь т?еман кхиамашан цунна йелира Ц?ен Седан орден.
1942 шо чекхдолуш иза вахитинера авиашколе Ил-2 кема ?амада. Школа чекхйаьккхича иза вахитинера ВВС КБФ 9 штурмовой дивизин 35 штурмовой авиаполке. 1943 шарахь цунна майор звани а йелира, иза 35 авиаполкан командир а х?оттира.
1944 шеран 23 февралехь цунна хиира нохчийн ц?ера бахар. 26 февралехь иза а, цуьнан ворх? накъост а велира Раквере аэродроман т?е бомбанаш ятташ хенахь. Иза хьалхатеттира Советски Союзан Турпал ц?е йаларна, амма нохчий ву аьлла иза чекхцавалийтира.
Хьажоарагаш
[б?аьра нисйан | нисйан]- ЖЗЛ. Даша Акаев. Летчик из Закан-Юрта Архивйина 2025-08-06 — Wayback Machine
- Даша Акаев. ЖЗЛ YouTube чохь