大臣是什么意思
Арахьара хат?
Конгрессан библиотека | |
---|---|
инг. Library of Congress | |
![]() | |
![]() | |
Мохк | |
Адрес | АЦШ, Вашингтон |
Кхоьллина | 1800 24 апрелехь |
Фонд | |
Фондан чухоам | [1][~ 1][2] | 155,3 млн
т?екхачавалар а, лелор а | |
Д?айаздаран хьал | MARC21 |
Дешархойн барам | 1 750 000 шарахь[2] |
Кхин хаам | |
Бюджет | 646 761 000 доллар[2] |
Директор | Карла Хайден (2016 дуьйна) |
Белхалой | 3 624[2] |
Веб-сайт | loc.gov |
![]() |
Конгрессан библиотека (инг. The Library of Congress) — АЦШн къоман библиотека, дуьненан яккхийчех библиотека[1]. Лаьтта Вашингтонехь. АЦШ Конгрессан ?илманан библиотека ю, болх беш ю правительствон меженашна, талламан кхолламашний, ?илманан белхалошний, долара фирманашний, промышленностан компанешний, ишколашний.
Конгрессан Библиотекин лерина дакъо кечйо копирайт (авторийн бакъонаш). Копирайт яйта ло интермаша чухула, Конгрессан Библиотекин сайт т?ехь оьшу бланк чуязйина.
Библиотекан истори
[б?аьра нисйан | нисйан]



- Кхолларан терахь лору 1800 шеран 24 апрель, оцу хенахь АЦШ президент Адамс Джона (John Adams) куьг йаздина пачхьалкхан коьрта г?ала Филадельфера Вашингтоне (Washington) дехьаяккхаран закон т?е. Оцу законан кхечу пункташ йукъахь, пункт ю ?Конгрессан оьшур долу жайнаш эца а, уьш ?алашдан оьшуш йолу чоь кечъян а? 5000 доллар даларах (оцу хенахь дукха ахча ду иза). Оцу пункто билгалйохура библиотеко болх баран бакъонаш, цаьрца, цу чу ваха, ресурсашна т?екхача президентан а, вице-президент, АЦШ сенатан а, Векалийн палатан (АЦШ Конгресс) декъашхойн бен яцара. Цундела библиотеках ала долийра — ?Конгрессан библиотека?
- Юьхьанцара фонд яра 740 жайна а, Лондонехь эцна кхоъ Америкин географин карта а. Цул т?аьхьа хилла президент, Томас Джефферсон (Thomas Jefferson), президентан бакъонашка велира 1801 шеран 4 мартехь, иза ладаме болх бан волавелира Библиотекан фонд т?аьхь, цуьнан роль а, иэшар а гойтуш. Иза волуш библиотекан фонд шоръяла йолаелира хаъал чехка. 8 шо даьлчи ч?аг?о йира президента Мэдисон Джеймса, цунна беза мохь болу дакъа кхечира — мехкан куьйгалла 1812—1814 шерашкара Ингалсан-америкин.
- Т?ом болуш, 1814 шеран августехь Вашингтон ерриг аьлча санна ягийра ингалсхоша. Буха х?ума ца дуьсуш егира, чохь мехала жайнаш а долуш библиотека йолу, Капитолий а. Британин эскарех АЦШ коьрта шахьарах йисинарг мукъа йаьккхинчул т?аьхьа, Мэдисон омар делира библиотека метта х?оттае аьлла. Экс-президент волу ч?ог?а библиофил хиллачу Джефферсона Конгрессе шен долара, тайп-тайпанчу меттанашкара, 6487 томах лаьтта гулам эца элира, иза цуо гулбинера шовзткъе итт шарахь сов, ишттаниг АЦШ оцу хенахь кхин бан а бацара. Америко т?еийцира и кховдам. Мах хадийра 23 940 доллар. Оцу хенахь дуьйна ?Конгрессан библиотека? ц?е а, ?Джефферсонан библиотека? ц?е а цхьаъ хилира.
- 1851 шарахь библиотекехь елира шолг?а ц?е, цигахь дегира Джефферсон Томасегара эцна жайнин доккхаха долу дакъа, 2/3 дерриг жайнин фондех, оцу хенахь цигахь егира 55 000 тайп-тайпана арахецарш. Шо даьллачул т?аьхьа, библиотека меттах?отто, пачхьалкхан бюджетара делира 168 700 доллар. Алсама дакъа оцу ахчанах библиотека тоеш д?адахара.
- 1850-г?а шерашкахь Конгрессан библиотеке битира министраш а, цхьацца урхаллийн куьйгалхой а, Лакхара суьдан декъашхой а, уггаре лераме (библиотеке бог?учерна хетарехь) политикин партийн векалш а, АЦШ г?арабевлла ?илманчаш а, йаздархой а, америкин уггаре баккхий МХГ? журналисташ а.
- 1870 шарахь, дукхаха дерг оцу хенахь хилла КБ куьйгалхо Эйнсуорт Рэнд Споффорд д?аг?ертар бахьнехь, правительствон т?ег?анехь омар делира, цуьнца, Америкин Цхьаьнатоьхна штаташкахь арадаьлла публикан муьлхха а арахецар, арадоллушехь декхар дина, оцу дийнахь цхьа экземпляр Конгрессан библиотеке д?адаладезара. Оццу хенахь закон даккхарца ч?аг?дира, КБ пачхьалкхан бюджетера дог?у ахча дохкаран низам, фонд ахчанца я маьхаза жайнийн, газетийн, журналийн гуламаш луш г?олаьцначу нахана, фирмашна, йукъараллин цхьаьнакхетаршна, партешна билгалдина цхьа мог?а стимулаш а, совг?аташ а.
- 1899 - 1939 шерашкахь библиотекан куьйгалла динчу Герберт Патнема, йукъайаьккхина аьтта йолу жайнин классификацин система, ткъа шен куьйгалла чекхдолуш йукъайаьккхина шолг?аниг, иза леррина Конгрессан библиотекан а, г?ишлон а х?оттийра. Филиалан елира КБ кхоьллинчун ц?е — Джон Адамс аьлла. Керлачу г?ишлонна делира 6 500 000$. Г?ишло лаьтта Джефферсон Томасан ?хаарийн г?алин? уллехь.
- 1907 шарахь Конгрессан библиотеко 40 000 долларех ийцира красноярскера совдегархо а, библиофил а волчу Г. В. Юдинера долара библиотека, цунна чохь дара 81 эз. экземпляр жайнаш а, журналаш а, коьртаниг оьрсийн исторех лаьцна. Оцу хенахь дуьйна иза Российн дозанал арахьара уггаре боккха оьрсийн меттара жайнин гулам бу (х?инца Конгрессан библиотекехь ду кхо б?е эзар гергга арахецар).
- 1930-г?а шерашкахь Джефферсонан библиотекана къоман библиотекан статус а, АЦШ бюджетан ахчанах, хьалхара рог?ехь фондаш вовшахтоха бакъо а елира.
Билгалдахарш
[б?аьра нисйан | нисйан]- Комменташ
- Хьосташ
- ↑ 1 2 3 General Information - About the Library (Library of Congress) (инг.) (2012). Т?екхочу дата: 2013 шеран март. Архивйина 2013 шеран 11 мартехь
- ↑ 1 2 3 4 General Information - About the Library (Library of Congress) (инг.) (2009). Т?екхочу дата: 2010 шеран 16 июль. Архивйина 2011 шеран 23 августехь (Хьаьжина 10 январехь 2012)
- ↑ archINFORM (нем.) — 1994.
- ↑ libraries.org (инг.): A directory of libraries throughout the world