还有取保押金大概是多少,如果请律师费用...
Цебиев, Ахмед Магомедович | |
---|---|
![]() | |
Вина терахь | 1935 шеран 1 январь |
Вина меттиг | Махкат?е, Веданан к?ошт, Нохч-Г?алг?айн АССР, РСФСР, СССР |
Кхелхина терахь | 2000 |
Кхелхина меттиг | Соьлжа-Г?ала |
Гражданалла |
![]() ![]() |
Г?уллакхан тайпа | физика, электроника |
Да | Мохьмад |
Бераш | к?ант Руслан |
Цеби?ев, Ахме?д Магоме?дович (1935 шеран 1 январь, Махкат?е, Веданан к?ошт, Нохч-Г?алг?айн АССР, РСФСР, СССР — 2000 шо, Соьлжа-Г?ала, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР) — нохчийн физик, техникин ?илманийн кандидат, радиоэлектроникехь а, радиоз?енехь а цхьана гучуйаккхаран а, 26 кхоьллинарган а автор, 80 гергга зорбанан белхан автор.
Биографи
[б?аьра нисйан | нисйан]Ахмед Цебиев вина Нохч-Г?алг?айн АССРн Веданан к?оштан Махкат?ахь. 1959 шарахь цо чекхйаьккхира Ростовн пачхьалкхан университет. Иза чекхйаьккхича иза вахийтира Фрязино г?але. 1975 шарахь иза хилира техникин ?илманийн кандидат.
Цо гучуйаьккхира полупроводникан диодас йухайарзина булам пробой буламан улле кхаьчча СВЧ-генераци яр.
Цебиеван фамили йу ?Советан ?илманчийн гучудаккхараш? ц?е йолу 1980-г?а шерашкахь арахецна ши том йолу книгехь. Оцу книгехь дуьцуш йу Цебиван цхьа гучудаккхар. Иза СССРн Пачхьалкхан гучудаккхаран реестре д?айазйина 1964 шеран 17 мартехь. Амма Цебиевс ша йаздира 1990-г?а шерашкахь арахецна ?Мил мила ву Нохчийн Республикехь? ша кхо гучудаккхар дина бохуш.
1977 шарахь белхалойн тоба хьалхатеттира Ленинан совг?атан. Царна массарна а делира совг?ат, Цебиев воцург, цо бина болх массарелла алсам болушехь. И харцо бахьнехь цьуна могшалла телхира.
1983 шарахь иза ц?а веара. Цо болх бира Соьлжа-Г?алин мехкдаьттан институтехь. Цул т?аьхьа иза балха вахара НПО ?Промавтоматика?. 1987 шарахь Нохч-Г?алг?айн АССРхь хьайиллира хьалхара компьтеран классаш: Урус-Мартанехь а (СШ № 5), Соьлжа-Г?алахь а (СШ № 9). 9-г?а школехь Цебиевс компьютераш вовшах тесира сара боцу лору з?ене. Цу хенахь иза боккха кхиам бара.
2000 шарахь иза вийнера. Схьадицарехь, иза къуйш винера шен компьютер царна д?айала ца лаарн.
Виццавар
[б?аьра нисйан | нисйан]Цебиевехь лаьцна йаьккхина шиъ бакъдолчуна тера фильм: ?А. М. Цебиев — Хьаржинарг? а, ?Г?арбоьвла нохчий — А. М. Цебиев? а. Цуьнан ц?е тиллина № 9 йолу Соьлжа-Г?алин школин.
Доьзалла
[б?аьра нисйан | нисйан]Цебиеван к?ант Руслан, журналист, Соьлжа-Г?алин радиостанцин диктор, вина 1995 шарахь.
Литература
[б?аьра нисйан | нисйан]- Якубов А. В. Ахмед Цебиев. Олимп и Голгофа ученого. Нальчик, 2009.
- Ю. П. Конюшая. Открытия советских ученых. Москва, изд-во МГУ им. М. В. Ломоносова, т. 1, с. 388—390.
Хьажоргаш
[б?аьра нисйан | нисйан]- А. М. Цебиев — ученый, изобретатель
- Ахмед Магамедович Цебиев
- Чеченский ученый сделал неоценимый вклад в развитие науки